ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахте хьовсийна нахана йиттина полисхой


Оьрсийчоьнан Забайкалье-кIоштарчу кхело пхи полисхо бехкевина цара шаьш лецначу нахана тIехь гIелоярна. Шинна набахтехь даккха тоьхна 5,5-ий, 4, 5 шераш. Висинчу кхаанна делла арахь такха кхоккха шераш, кхоккха буттий. Забайкальен прокуратура ю и хаам баржийнарг.

Цо бахарехь, арахь совцийна, полицин хIусаме балийначу нахана къиза етташ, леррина и нах лазорхьама гIирс лелош а хилла полисхоша. Масала, цкъа Iай цара когахь мачаш а йоцуш валийначу стеган коган пIелгаш лоьрийн дIабаха дезна гIорийна хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG