ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадова Кусама ян а догIуш еаний-те даймахка?


Дани --Копенгагенехь Нохчийн Конференцехь, Масхадова кусама, Фрэнк Джадд, Мельникофф Сергей, 2002
Дани --Копенгагенехь Нохчийн Конференцехь, Масхадова кусама, Фрэнк Джадд, Мельникофф Сергей, 2002

Бахархошна дика дагадогIу Масхадов Аслан президент харжар. Луьрачу тIамах чекхбевллачу,маьршачу,синтемечу дахаре сатуьйсучу нохчаша, тIийриг а йина, рагI ларьеш а лаьттина,дукхахболчара шайн аьзнаш дIаделира Масхадовна.

ХIинца а олу дозаллица хенарчу бахархоша: «Уьш бар-кх харжамаш! Цу хенахь,цхьаммо а ир-кара хIитто а ца оьшуш, ма арадаьллера адам!» Оццул чот йоцуш дукха адам орцах а даьлла, мехкада хаьржинчу стеган хIусамнана,иттаннаш шераш девллачул тIаьхьа цIаерзар тергамза ца дисна махкахь.

Телехьожийлехь Кусама цIехьа ерзарх а,цунна ша гIо дарх а дийцина мехкан куьйгалхочо а.Ма-дарра аьлча, Масхадов Асланан хIусамнанас яьккхина и гIулч бахьнехь морзахе хьажам-ойланаш а,баккхий бекъамаш а хаало нохчашлахь. Цхьаболчара даггара къобалдо Кусамин юхаерзар,ткъа кхечара,буххера дуьйна нийса а ца хеташ, ишта даггара емалбо цуьнан сацам.

«Оьрсийчоьнан кIайлахчу сервисан белхоша вен а вийна.докъаза вайинчу шен цIийнде сий-лерам беш,мел хала делахь а ,цигахь Iа езаш хиллера иза кхуза схьа а ца гIерташ».

Уьш дукха-кIезиг, мел бу ала а хала а долуш, ишта хьажам бу цхьаболчеран. Кхечара, дикане, бакъоне са а туьйсуш,Iедалхоша цунна новкъарло цаяре дог а дохуш, гома ца лору цо динарг. Ишта ойла кхобучех ю Теркйист кIоштан Чiулга-Юьртара яхархо Тамара.

Тамара: «Тхан куьпахь гена боццуш Iаш бу Кусамин гергарниш. Иза хьахаелча цхьаболчара цIа вон еъна олу. Мацца веъна а шен цIа ца веъча волий стаг? Геналлехь, Даймахке са а туьйсуш яла ца яла,еъна-кх.

Кху Iедало иза сапаргIат юьтур яций, цуьнан гIоьнца Iедал шен аьллар тIедаккха гIертар дуй бохуш дуьйцурш сунна бакъ ца хета. Iедалхоша цунна цхьана кепара вон тIеIаткъам бан декхар дац. И суна бакъ ца хета. Стенна ца хетий? Иза юха Европе дIаяхча церан хIун толо? Царна иза мелхо вон дац? Цундела цара Кусама паргIат юьтур ю аьлла хета суна-м».

Юххерчу гергарчарех дага а яьлла, церан пурбанца,цара мага а дина и цIа йирзинехь,иза церан массеран а сацам бу. Далла а ишта лиъна-кх тIаккха боху соьлжагIалахочо,Старопромысал кIоштан яхархочо Лизас.

Лиза: « Баккхийчеран, дахар мел хаза делахь а хийрачу махкахь сагатло. Шен цIахь хаза хеташ цIа еъна-кх,ша йоккха стаг йолу дела. Цуьнан кIант а ву,кхиберш а бу, церан бертахь,царна а лууш цIа еънехь,дика еъна. ХIара ала,и ала бохуш берш бовлахь а,бер санна царна хьалхара и уьдур ю аьлла а ца хета суна иза. Шортта гергарниш а бу цундела схьаеъга».

Масхалов Аслан мила а ву хууш,цуьнан цIе йожо,лахъян хIумнаш цо шегара ца дийлийтахь и дика еъна лоруш берш а кIезиг бац. Иштачех ду Соьлж-ГIалара Ката а, цуьнан нана Айнаъ а.

Ката: « И цIаяран бахьна ца хаьа суна. Масхапдов цIе лахьеш хIумнаш цо ца дийлитахь дика еъна».

Айнаъ: «Къанвеллачу стагна хала ма ду кхечу пачхьалкхе а хиъна Iа. Шен гергарчаьрга са мА туьйсу воккхачо. ХIумма а дац дика еъна. Дела реза хуьлда и цIа ялийначунна а. Аьшнаш а ца еш, новкъа хIума а а доцуш Iийр ю дала мукъалахь»,

Цхьаболчарна хетарехь, Даймахке а йирзина, Кусамас шена тIелаьцнарг жоьпаллин дукъ ду. Ша мила а ю а хууш, шен цIийнде цIе ларьеш, иза цхьанне хьадалча хила а ца еза, я кхечарна луург, товриг Iорадоккхуш тоти а хила а ца еза.

Цу кепара дог-ойла йолчех ву Новр кIоштера Халила а, Мохьдан а.

Мохьдан: «ЦIа еъна суна дика хета,нагахь шен цIийнде цIе ларьян а,цуьнан сий-пусар дайта а цунна хаахь. Цхьа хан дIаиккхина стаг шен цIахь хилар дика ду-кх».

Халил: «ХIара Даймохк а цуьнан бу. Цуьнан марзой а,цIераниш а кхузахь бу,цундела цIа еъна. Ша муха еъна а хууш, шен цIийндех хилларг а хууш, вочу хIумнах ларлуш лела еза иза,сан хьекъалехь».

Масхадов Асланан хIусамнана цIа ерзарх дийцарш къоьлла йоцуш дукха ду. Иза ишта,вуьшта хила йогIу бохуш,ша-ша бакъ хеташ, хьехамчаш а бу дукха. КIезиг бен бацахь а шайн хьажам болуш кхин цхьа тоба а ю. Царна хетарехь, цIерачаьрца марзо оьцуш, шен бIарзделла са а тедина, кIант биста кхаччалц, шен юххера гергарниш болчу Европе дIаяха тарло Кусама бутт бате баларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG