ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Касьянов Михаила арз дина Кадыровна


Касьянов Михаила арз чуделла федералан кхерамзаллин урхалле а, Оьрсийчоьнан Талламан комитете а, шена кхерамаш тийсарна, Инстаграмичохь ша снайперан биргIане лаьцна видео хIотторна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыровн Рамзанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдар доьхуш.

Оцу видеон хьокъехь, цу чохь Касьяновна тIехь гойтурш турмало гойтучу суьртан сизаш дара, тоьпан биргIа яцара гайтинарг, аьлла даржийна Нохчийчоьнан министро Умаров Джамбулата. Кадыровс деношкахь шен инстаграме хIоттийна видео ю юьйцург – Касьянов а, цуьнан кхин цхьа накъост а вара снайперан биргIан суьртера гойтуш, Страсбурге оппозицина ахча деха вахана Касьянов, аьлла, иза сийсазвеш йоза а дуьллуш буха. Касьяновс низамхошка арздарх лаьцна хаамбина цуьнан адвокато Прохоров Вадима.

Низамо таIзар кхачош ду Кадыровс оцу кепехь кхерамтасар, хьовсур шаьш махкахь мел, хьанна лела нийсо, аьлла адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG