ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанан Iедалан а, тIалибийн а барт бан некъаш лоьху Пакистано


ОвхIанистанан Iедална а, тIалибашна а юкъа машар билларехь пайда боллуш кеп кечъеш ю ша, аьлла, дIахьедина Пакистано. “И бертан некъаш маьIна долуш хилча бен аьтто бер бац барт карон,”- аьлла Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министран хьехамчас Iазиз Сатраджа. Исламабадехь рогIерчу дийцарийн раундехь, овхIанхой а, Iаьмеркахой а, пакистанхой а, китайхой а болучохь дина цо и къамел.

Iалашо ю, бохура Iазиза, тIалибаш бертан процесса юкъа а озош, ОвхIанистанехь нах байъар дижор. Бертан дийцарийн хьалхара мур Кабулехь дIабаьхьира кхо кIира хьалха. Бакъду, цкъачунна дийцарийн цхьана а раундехь дакъалаьцна бац шаьш тIалибаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG