17 шо долу хьиджабийн модельер нохчийн йоI Бисултанов Илона бехкейина махкарчу цхьана тобано цо Италерчу «Долче Габана» кампанино тегначу бусулбанийн духарна реклама ярна. Дизайнерша Габбано Стефанос а, Дольче Доменикос а инстаграммехь Бисултанова Илонина тIехь шаьш дина бусулба духар гайтинера кху муьрехь.
Цхьана дийнахь церан агIоно лахьийра наггахь а ца хуьлучул дукха интернет-хьовсархой. Амма Нохчийчохь цхьамма гIаттийначу тобано емалйо Бисултанова Илона, дуьненахь а гIараяьлла йолчу «Долче энд Габано» кампанино бусулба нахана тегарш арахеца долорца хазахетар динехь а.