ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Грацера "эс дайна процесс" юкъахъяьлла


„Тешийн цIеххьана иэс довш йолу процесс“ - иштта кхардаме цIе тиллина Грацехь джихадхошна тIехь дIахьош йолу кхел тергалйечу журналисташа цу, хетарехь, Австрин юстицин исторехь шех терниг кхин ца хиллачу процессана.

Цуьнан бахьана ду, цу кхелехь кегирхошна радикале хьежамаш а Iамош, уьш Шема хьежорна бехке вечу боснихойн къомах волчу Мирсадна а, цуо шен хьежамашца галваьккхина, Шема а хьажийна, цигахь маьршачу нахана дуьхьал къизаллаш а лелийна, юхавирзина ларалучу Махьарбекна а дуьхьал тоьшаллаш дан бахкийначу наха, массара а аьлча санна, шаьш хьалхехьуо Iедалхошка цу шина стагана дина хилла айкхаллаш юха оьцуш, шаьш царех лаьцна аьлла хIуммаъ дац, я аьлла хиллехь а, шайна хIуммаъ дага ца догIу бохуш керисталлаш дар.

Кхелан и агIо схьаэцча, цец ца ваьккхира оршот дийнахь процессехь хиллачуо а. IУьйранна цкъа хьалха шина теше хеттамаш барца дIаболийра кхело шен болх. И шиъ ши ваша ву, даханчу кIиранахь кхелехь вистхила валийна хиллачу, амма ца хьалха дийцинарг ша дийцина дац, шен Мирсадна а, Мухьарбекана а ала хIуммаъ дац бохуш, харцтоьшаллаш деш къарцаваларна кхелан кхерчара полисхоша лаца а лаьцна дIавигинчу стеган а ши ваша хуьлуш ву и шиъ.

ХIинца кху шиммо а чIагIдора, шаьшинна дуккха а хIумнаш дага ца догIу, цундела цхьа а бехке ван ца лаьа шайна бохуш. Цу шиммах цхьаммо а амма Iедалхошка дийцинера, шайн ваша вайча, иза Шема вахний-те аьлла шекдевлла, шаьш Мирсадо имамалла дечу маьждиге цунах дерг хатта дахча, шайга цигахь „Шу мелхо а ирсе хила деза иза Шема вахана аьлла, цигахь шахIид а хилла елсамане кхача аьтто бу цуьнан“, - элира бохуш.

ХIинца кхелехь амма цIеххьана иэс дайначу шина вешо массо а хIуманна „ца хаа, дага ца догIу“ бохуш жоьпаш ло. Масала: „Джихадах лаьцна дуьйцурий бехкевечуо?“ - хоьтту кхелахочуо. „Дага ца догIу суна“, - ду тешан жоп.

Цуо дуьйцу шаьш Мирсадца а, Мухьарбекца а цхьаьна Дунай тIе лийча оьхура бохуш. Прокуроро амма бакъдолчехь и лийца эхарш герз нийса тоха Iама ихарш дара, боху. „ХIунда Iамош дара аш герз нийса тохар?“- хоьтту кхелахочуо. „Дага ца догIу“, - жоп. „Хьенан идея яра иза Iамор?“- хоьтту кхелахочуо. „Дага ца догIу суна“- ду тешан жоп.

Ткъа мила ву-теша и пеппнаш санна догIмаш долу тешаш, шайна юккъехь нохчи а, туркой а, боснихой а болуш, сел иэс дIадаххьал шех кхоьруш волу Мирсад О.? Иза 34 шо долуш велахь а, тIехьаьжна дуккхаъ жимаха хетало. Еха маж а, гелаца кечбина юхахьаькхана кIужал а болуш, гIеххьачул еха месаш а йолуш, эгIазочуо дегIехь а волуш, цхьа тамашийна дуьткъа аз а долуш, хьаьрсачу аматех стаг ву.

Кхел тергал ечарна букъ берзийна Iачу цуьнан юьткъа ворта гуш хIара-м тамаша ма бу сел брутале джихадхо велахь олий хетало. Амма тIехьаьжна эгIаза велахь а, бIеннашна кегирхошна вуно боккха тIеIаткъам беш хиллачух тера ду цу шех прессехь „поп-джижадхо“ аьлла цIе тиллинчу стага, хIунда аьлча, цуо бечу хьехамаша гипнозо санна и кегирхой цуьнан машане берзош хиларна. Мел кIезга а иза чIагIдо прокуратурано.

Мирсадан хьехамаш доккхачу декъахь джихадах а, копаршца а, мунепикъашца а къийсам латтор бусулба стеган декхар хиларх а хилла, Iедалхоша чIагIдарехь. Ткъа цуо и шен даIаваташ вуно эмоционале, мохь а бетташ, стоьла тIе буй а бетташ, наг-наггахь забарш а еш, беш хиларна уьш къоначу бусулбачарна товш хилла.

Венерчу доккхачу маьждигехь хьехамаш бечу нохчийн имаме Мусайга хаьттира Маршо радионо, стенца доьзна ду-те бусулбачу кегирхошна Мирсадас санна эмоционале даIаваташ дар сел тар? Кхечу имамийн хьехамашкахь хIун ца тоьу-те цу кегирхошна?

Имам Муса: „Цу кегирхойн шортта энерги ю, уьш сиха бу, царна харцонаш а го шайна гуонахьа, тIаккха царна шайн жималле хьаьжжина сихха массо а харцо эшон лаьа. Цу тIехь уьш лаца а лоьцуш, царна товш дерш а дуьйцуш, уьш ира-кара хIиттош, карзахбоху аьлла хета сунна, бакъдолчунна вуно генахь долу хIумнаш цаьрга дийца а дуьйцуш, аш толам боккхур бу, шуна Дала толам ца бала йиш яц бохуш“.

ЦIеххьана иэс дайначу тешашка хеттамаша кхин хIара аьлла жамIашка ца кхачийначу Мирсадна а, Мухьарбекна а дуьхьал процесс дIахьочу кхелахоша, бехкебечийн адвокатийн дехарна жоп луш сацам бира, и кхел ялх баттана тIаьхьатта. Цу юкъана Мирсадан цхьаццаболчу хьехамийн, къамелийн а немцойн матте гочдарш чекхдаха дезаш ду. Цул совнаха, лерина Германера кхайкхинчу вевзаш волчу бусулба динах аналисто Штайнберг Гидос Мирсадан хьехамаш джихаде кегирхой хьовсор алсамдоккхуш хилар толлур ду цу юкъана.

XS
SM
MD
LG