ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брюсселерчу лелхийтарша динчу зенан терахьаш кхуьуш ду


Брюсселерчу метрона гергахь
Брюсселерчу метрона гергахь

Брюсселерчу Завентем аэропортехь а, лаххара метрон шина станцехь а динчу лехийтаршкахь велла 21 стаг, 35 лазийна.

Белгерчу VRT телекомпанино бечу хаамца, ша-шен а оьккхуш дина террорхочо талор. Изза тIечIагIдина мехкан прокуратурано а. Эккхийтар хилла кема гIоттучу нах герга кхачочу декъехь. Интернетехь даьржинчу суьрташ тIехь го терминалан гIишлонна тIера гIуьтту кIур. Аэропорт къевлина ю. Пассажираш арабаьхна.

Хиллачу хаамашца, аэропорта чохь хезаш хилла герзийн гIовгIа.

ТIаьхьо лелхийтарш дина метрон"Маальбек", "Шуман" станцешкахь, Евробертан гIишлошна гергахь.

Маршо Радионо терго йо Брюсселерчу хиламийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG