ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японехь масех дийнахь мохкбегийна


Японин къилбехь массех дийнахь мохк бегош чуэгначу гIишлош кIел велла лаххара а 19 стаг хьалаваьккхина орцанхоша. 7,4 балле кхочуш ницкъала бохам бу хилларш, цуьнца доьзна хIорд а тIехь бесташ. Кумамото гIалина гергахь ю эпицентр. Чевнаш йина 740 вахархочунна, аьлла Кумамотон префектурерчу даржхочо Мацушита Такаюкис.

Оццу юкъанна дарбелла Асо лам а – 100 метр лакха стигал буьйлу кIурз. Кусю гIайритехь хиллачу мохкбегоро а сагатдойту японхошка. Цигахь пIераскана велла 9 стаг, 1000 лазийна. Японин тIеман министро Накатанис 20 эзар эскархо хьажийна бохамаш хиллачу меттигашка гIодан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG