ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

'Chechnya' яц 'Czechia' ю


Чехийн Республика -- Масийтта бIе стаг ву иммигранташна дуьхьал дIахьочу гуламехь Чехийн байракхашца 2016чу шарахь, Чиллан беттан 6чу дийнахь.
Чехийн Республика -- Масийтта бIе стаг ву иммигранташна дуьхьал дIахьочу гуламехь Чехийн байракхашца 2016чу шарахь, Чиллан беттан 6чу дийнахь.

Чехийн Республико ши цIе лело еза бохуш дIахьедарш дина дIадаханчу кIирнахь Чехийн коьртачу политикаша а, Iедалхоша а. Министрийн Кабинето и къобалдахь, Чехийн Республикин ши цIе хир ю. Керла цIе тилларца реза бац цхьаболу чехой. Уьш кхоьру шайн пачхьалкхах Чехи аьлча, и цхьаболчарна Чечня тарълург хиларх.

ДIадаханчу кIирнахь Чехийн Республикан политикащ хIинцачул тIаьхьа Республико ши цIе лелор ю, аьлла – Чехи а, Чехийн Республик а – дIахьедарш дина. ХIинца министрийн кабинетан карахь ду и цIе къобалъяр. Амма цхьаболу чехой, ши ког, ши куьг гIортийна дуьхьал бу шайн пачхьалкхах Чехи олийла. Цуьнан бахьан цхьаболчарна беламе хета – ‘Чехия’ ‘Чечня’ бохучу дешах тера хилар ду. Цкъа а нохчашца тIом бина бацахь а, чехойн нохчашка цабезам кIорге болчух тера ду. Цхьа кIира хьалха дIабаьхьначу хаттамехь бара нохчийн чехойн цабезамен тIегIанехь цыгонал тIаьхьа шолгIа меттиг дIалоцуш. Туристех юьзна йолчу Чехина ца лаьа кхечу махкара нах ‘Чехи‘ бохучу цIеро кхахкабойла. Чехийн экономикехь туризмо доккха дакъа д1алоцу. Цунах ду чехоша твитершкахь яздийриг. Шина нохчийчо Бостонехь масех шо хьалха теракт йинчул тIаьхьа, могIарера Iамериканхой а, цхьаболу Iамерикан политикаш Чехийн Республик Нохчийчоь ю моьттуш, цунна кхерамаш тийса буьйлабелира. ТIом дIакхайкхо беза бохучарех гоьяьлла 1амеркан политик Сара Пелин а яра. Твитершкахь къастинна дукха нах бара Чехийн Республикана тIом сихонца дIакхайкхо беза бохуш. Вашингтонехь Чехийн Республикан векаллина хьалха нах гулбелла хиллера цу хенахь. Гулбелчарех цхьаболчара хIоаш кхиссинера гIишлона тIе. Географи ца хуучу цхьана хьеравеллачу Iамериканхочо цхьа галдаьлларг дале, Чехийн амбассадаро телевиденехула а, зорбанехула дIахьедар дира Чехой нохчий бац, Чехийн Республик Чечня яц, Чехера Нохчийчу чукхача кхо эзар герга километр некъ бан а беза аьлла. Цо Нохчийчоь Оьрсийчоьнна юкъайогIуш ю аьлла дIахаийтича, тIаме кхойкху Iамераканхойн аьзнаш а дIатийра, твитершкахь шайн хаарш ца хилар гучудоху хьалха яздинарг дIадаьккхира. Цунах хила тарло чехойн ‘Чечня’ бохучу дешах боцу цабезам. Цхьана нохчочо цхьана дуьйнен мIаьIIехь цхьаъ дича, юха а цхьаболу географи ца хуу нах шайна кочабарх кхоьруш хила мега. Цул сов, Нохчийчохь тIом болчу хенахь, цхьаболчу террорхоша йинчу теракташа вон цIе кхоьллира нохчийшна Чехехь. И цIе шайх латийта ца лаьа чехошна. Амма царна шайх чеченаш алийта ца лаахь а, нохчех оьрсийша цабезамца “чехи” олу совет заман йолчу дуьйна. Олу дукха хьолахь букъ тIехьа, юьхь дуьхьал хезаш аьлча, муьлхха боьрша нохчо шех лата чухьодур вуйла хууш. Эсал европерчу къоман чехойн цIе шайна тиллийта ца лаьа нохчашна. ЦIерах къакхахь а, чехойх къаьсташ, цхьанна а нохчочун бац чехошка цабезам. Дукха башхаллаш йолчу вайн шина къам юккъахь и башхалла хета муьлххачу а нохчочунна новкъа йогIур ерг.

XS
SM
MD
LG