ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Барт Македонин куьйгалхошна дуьхьал санкцеш яха дагахь ю


Македони -- протестхоша урамашка арабевлла Македонин Президента йинчу амнистина реза боцуш. Oхан-бутт 15 де, 2016
Македони -- протестхоша урамашка арабевлла Македонин Президента йинчу амнистина реза боцуш. Oхан-бутт 15 де, 2016

Европан Барт Македонин куьйгалхошна дуьхьал санкцеш яхарна ойлаеш ю, дIадаханчу шарахь Iедалхошна дуьхьал коррупцин хьокъехь таллам бийр бу аьлла барт бохорна, ткъа цу бартана тIехь чекхбовларан метта Iедалхошна амнести дIакхайкхорна. ДIадаханчу шарахь мангал-баттахь Европан Бартано а, Македонино а барт бина хиллера харжамийн жамIаш хийцаран а, стаг вийнарг кIелхьараваккха гIортаран а боху дIахьедарш толлур ду, аьлла. Тхан и зуламаш гучудаьккхинарг Македонин коьрта оппозицин парти яра. Цу партино 20,000 эзарал сов стага телпонехула дина, Iедало низам дохуш дIаяздина къамелаш Iорадехнера. Ткъа Македонин президенто Иванов Джорджо дIадаханчу кIирнахь 66 Iедалхочунна геч а дина, и таллам ма-дарра аьлча, сацийра. ДIакхакхийнчу амнестино македонхой протесташка арабехира. Протестхоша президенте даржера дIавала бохуш кхайкхамаш бина. Амнести дIакхайкхинчарех бара Македонин ханна даржера дIаваьлла, куьйгаллехь йолчу ВМРО партин декъашхо Груевски Никола а, кхечу партийн декъашхой а. ХIинца Европан Барт дагахь ю цхьаболчу Македонин Iедалхошна дIасалелар а, цара шайн ахчанах а, бахамах а ханна пайдаэцар дехка а.

XS
SM
MD
LG