ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIизболлан баьччин гIовс вийна


Шемин диктаторна Асадна дуьхьаллетачу тобанех цхьаммо шен баьччин гIовс вийна аьлла, дов кхайкхош, хаам баржийна Либанерчу шиIатийн тIеман тобано ХIизболлас. Демаьшкарчу аэропортана гергахь пIераскана вийна Бадреддин Мустафа. ХIизболлано бахарехь, такфирхойн тобано артиллерин тохардича, лазийна велла Бадреддин.

Амма Бейрутерчу Ал Майаддин телевизионо иза вийна элира юьхьанца Израилан кеманаша ракеташ а тоьхна.

2008-чу шарахь тIеман баьчча МугIния вийра ХIизболлара, Демаьшкахь эккхийтар дича, хIинца Бадреддин кхалхар а бу ХIизболлана боккха эшам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG