ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн беркема дохийна Шемахь


Оршотийнахь Шемин Къилбаседанехь чудаийтинчу Ми-8 Оьрсийчоьнан беркеманчохь хилла 5 стаг велла аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс, пачхьалкхерчу тIеман министраллин хаамашна тIе а тевжаш. Хьалхо тIеман министралло Iорадаьккхинера, 3 экипажан декъахо а, шиъ эпсар а чохь волу беракема дохийна чудаийтина Асад Башаран дуьхьалончаш тIехьожучу Идлиб кIоштахь, аьлла.

ХIаллакдинчу кеманах жоьпалла цкъачунна цхьана Шемахь тIемаш бечу агIоно тIе ца лаьцна. Социалан машанашкахь а, Iарбойн а, Малхбузерчу а зорбанаша яржийна видео а, суьрташ а ду кема доьхна, чудогIучу меттигера. Ду суьрташлахь вийна Iуьллучу беракеман пилотан сурт а. Оьрсийчоьнан официалан хьостанаша цкъачунна я кеманхочун а, я цу чохь беллачийн а цIераш кхайкхош яц. ТIеман министралло чIагIдарехь, беракема Алеппо гIала доьдуш хилла гуманитаран миссица.

Шемарчу бакъоларъярхоша а, меттигерчу бахархоша а масийттаза бехкейира Оьрсийчоьннан авиаци маьрша нах бехачу, Шемин президентан эскарша а, ДАIИШ тобанера тIемалоша а къуьйсучу Алеппо гIалина тIе бомбанаш еттарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG