ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГКЧП-на духьалъелира ОКЧН


Нохчийчоь -- Нохчийн президент Дудаев ЖовхIар ву парламентана хьалха къамел деш, 13Лахь1991
Нохчийчоь -- Нохчийн президент Дудаев ЖовхIар ву парламентана хьалха къамел деш, 13Лахь1991

Кху беттан 19-чу дийнахь 25 шо кхочу Советан Пачхьалкхехь ГКЧП олу тоба Iедал карчо гIоьртина. Иза Нохчийчохь юхатухуш коьрта дакъалецира ОКЧН олучу нохчийн къоман конгрессан декъашхоша.

1990-чу шарахь Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь шен болх дIаболийра нохчийн къоман гуламо. ТIаьхьо 1991-чу шарахь Мангал-беттан 9-чу дийнахь цуьнах конгресс хилира. ХIун Iалашо яра цу гуламан? Муьлхачу хьелашкахь вовшахтоьхнера иза дуьйцу цу форумехь жигара дакъалаьцначу нохчийн историн Iилманчо Абумуслимов-Сайд-Хьасана.

1991 чу шарахь Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь, Советан Пачхьалкхехь ГКЧП иккхича, Нохчийчохь цунна уггаре а хьалха дуьхьал бевлларш бара ОКЧН-ан декъашхой бохуш дуьйцу Вайнехан демократин партин декъашхо хиллачу журналисто Чабаев Лемас.

Линкана тIе

Нохчийн хьалхарчу гуламехь хаьржинера къоман депутатийн сацамаш кхочуш баран комитет, шен коьртехь Дудаев ЖовхIар а волуш.

1991-чу шарахь Лахьан-баттахь ша президентан декхарш кхочуш дан волалуш уггаре а хьалха Нохчийчоьнан президенто тIеэцнарг дара Нохчийн Республика йозуш йоцуш хиларх лаьцна указ. И мехала документ тIеоьцуш Дудаев ЖовхIар тIетежинарг Нохчийчоь йозуш йоцуш хиларан деклараци яра бохуш дуьйцу историко Абумуслимов Сайд-Хьасана.

Нохчийчохь президентан а, парламентан а харжамаш хиллачул тIаьхьа ОКЧН олучу конгрессо берзийра шен болх. Амма тахана а дуккха а цу хенахь хиллачу депутаташна а, керлачу политикан ницкъашна а дика хир дара аьлла хета, нагахь нохчийн халкъан конгресс юха а болх бан йолаелча.

XS
SM
MD
LG