ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримов Исламера хьал официало къайладаьхьна


Кху деношкахь кеп-кепарчу хамийн гIирсаша Узбекистанан президент Каримов Ислам велла аьлла Iарадаьккхинехь а, кхаарийдийнахь Инстаграмехь цуьнан йоIа дитинчу йозанца президент дийна ву. Каримова-Тилляева Лолас даггара баркалла кхайкхадо шен ден могашалина саготта мел волчунна.

«Аш доггах, маршалла хила лаарца яздечу дешнаша гIо дийр ду аьлла тешна ю со, сан дена гIоли хиларехь», аьлла яздина Каримовн йоIа шен агIонтIехь. КIирандийнахь дуьйнна инсульт хилла реанимацехь Iуьллучу Каримов Исламера хьолах официалехь дуьйцуш дац.

XS
SM
MD
LG