Мамонтийн даьIахкаш лехархой

Керла тайпа дашо лехар даьржаш ду Оьрсийчоьнан Къилбаседа Арктикехь.

Пийлан даьIахкаш йохка-эцар Iедалша шайн Iуналлехь латтош ду, цундела карарчу хенахь вуно мехала йевлларш мамонтан кIомсарш ю – коьртачу декъана Китай экспорт ян. Цу гIуллакхо ден дина ширачу заманахь адамаш лелийна хилла «мамонташна талла» эхар. Генарчу къечу Оьрсийчура ярташкахь гучубевлла долларан миллионераш.

Мамонтийн кIомсарш лоьхучу наха шаьаш туп тоьхначу метте вигира Маршо Радион корреспондент Чаппл Эймос, цо ша и меттиг а, ша цига вигинчу нехан цIераш а цхьанне а юьйцур яц аьлла дош делча. Цуьнан бахьана хууш ду. Мамонтийн кIомсарш лехар къайлаха деш ду, ткъа шаьш уьш лоьхуш болу нах я полицин белхахойх лечкъаш лелаш бу, я меллачура басталуш бац.

1

Метод

Мамонтийн кIомсарш лехар доладелира масийтта шо хьалха, цхьа нах бу царах вуно дукха ахча дала кийча аьлла хабар даьржича.

Мамонтийн тундран аре

Тундран аренашкахь ехаш хилла кхакхан мамонташ шенан периодехь, вайн зама тIекхачале 100 000 – 10 000 шо хьалха.

3-layer-mapОЬРСИЙЧОЬЯкутск
NASA, Joshua L. Hood

2

Ахча

ХIара 65 кила кIомсар хIинцца карийна гIорийначу лаьтта бухахь. ТIаьхьо иза йоьхкира 34 эзар долларх. Хара кIомсар карийначу шина стаганна цхьана кIиранах карийра кхин а кхоъ. Царах цхьаъ яра 72 кила.

3

Дахар

Дукхах болчу божарша генахь йоккху ерриг а аьхке шайн хIусаманна а, доьзална а.

4

Зен дар

Аьхкина латта – жамI ду «таллархоша» бинчу белхан. Амма вуно доккха зен до цара Якутин хинан системин кханенна.

Iалам бехдар

ДаьIахкаш лоьхучу наха хи узу, гIорийна Iохку Iовраш а яшош, шайн Iалашонна тIекхача.

runoff_wide
Wojtek Grojec, Carlos Coelho