Террорхошца къийсам латтор эвсаре даккхар ю Цхьаьнакхеттачу Европано кху деношкахь тIеэцначу керлачу низаман кеперчу сацаман коьрта Iалашо.
Цу сацамца, муьлхачу а терроран цхьаьнакхетараллашца я тобанашца зIенехь хиларна шеконе лаьцначу нахана я тобанашна дуьхьал дайдинчу хьесапехь санкцеш яха бакъо ю Евробертан къепе ларйаран институцийн а, цхьа-цхьаццачу пачхьалкхийн Iедалийн а.
Лерина билгалъяьхна ю ша шех Исламан пачхьалкхе олу ДаIиш тоба а, аль -Къаида а, цхьа могIа кхинйерш а, Малхбузехь ца магийначу террорхойн цхьаьнакхетараллин могIаршкахь лаьтташ йолу.
Амма уьш хилла ца Iаш, хIинцачул тIаьхьа цаьрца уьйраш я зIенаш йолуш, я цаьрца симпатеш йолу нах я тобанаш а, уьш официале террорхойн могIаршка язбина бацахь а, жоьпе озон йиш хир ю хIинцачул тIаьхьа Iедалийн, Евроберто пIераскан дийнахь шен сайта тIехь бинчу хаамца.
Цу нахана я тобанашна дуьхьал Iедало даха йиш йолчу санкцийн гIуданашна юккъехь церан Малхбухерчу чоташкара ахчанаш гIорор а, Евробертан декъа йолчу пачхьалкхашка бахкар царна дехкар а, ткъа иштта Евробертан пачхьалкхашкахь бехачу нахера сагIина я кхечу хьесапехь ахчанаш эцар дехкар а ду.
И тIаьхьарлера ши пункт керла хилла ца Iаш, къаьстина мехала ю Iедална.
Масала, цхьа-цхьаццачу пачхьалкхашкахь гаррехь маьждигашкахула а, диаспорашкахула а дIаса а лелаш, нахера официале сагIина а бохуш, ткъа бакъдолчохь хьулдеш а доцуш, джихадана ахчанаш гулдеш лелачу тайп-тайпанчу миссионерашна я террорхойн тобанийн векалшна дуьхьал гIулчаш яха цара куьйгаш достуш хиларна, цкъа делахь.
Масала, хьастагIа Австрерчу кхело масех шо хан туьйхира Имарат Кавказана ахчанаш гулдеш хиларна бехке а вина цхьана нохчочунна. ХIинца, и низам Евроберто тIеэцначул тIаьхьа цуьнан дов хоттуш хиллехь, цунна кхин а алсамох хан тоха йиш хир яра кхелан.
ШозлагIа делахь, Шемахь а, Иракъехь ДаIишан я кхечу тIемалойн тобанийн могIаршлахь тIемаш а бой, Европе юхаоьхучу джихадхошна дуьхьал гIулчаш яха а цу керлачу низамо бакъо луш хиларна, хIунда аьлча цу сацамехь ша къаьстина билгалдаьккхина ду, тIом бинарш хилла ца Iаш, террорхойн лагершкахь хан яьхнарш а цунна кIела боьлхуш хилар.
Ткъа иштта террорхойн тобанашкахь дакъалацар нахана марздеш болу нах а, ур-атталла зударшна маьттаза ницкъ беш а, уьш церан лаамаза маре буьгурш а, цара и зуламаш Евробертан дозанал арахь дина делахь а.
Малхбузера Iедалхой террорхошца а, цаьрца уьйр-марзонаш йолчаьца а къийсам алсамбаккха дагахь хиларан кхин цхьа а тоьшалла ду кху деношкахь Британерчу Ми6 къайлахчу сервисо ша гергарчу хенахь шайн агентийн маша кхин а эзар стагаца алсамбоккхур болуш хилар довзийтар.
Цу сервисан куьйгалхочо Янгер Алекса Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь дIаяхьанчу кхерамазаллех конференцих ма-аллара, гергарчу пхеа шарчохь шайн белхахойн терахь 3500 стаге кхаччалца лакхадаккха Iалашо ю цуьнан, хIинцалца схьа иза 2500 стаг бен дацара.
Британехь вехачу политолого Асхабов Хьамзата, Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахо волчу, дийцира Маршо радионе, цу махкахь къайлахчу сервисийн болх а, цуьнан белхахойн терахь а мел лакхадалахь а, могIарерчу бахархойн дахарна цунах хуьлуш цкъачунна цхьа а новкъарло я тIеIаткъам бац, бохуш.
Асхабов Хьамзат: „Кхузахь цкъачунна нехан бакъонаш хедош, масала, урамашкахь я петаршкахь, я маьждигашкахь царна новкъарлонаш еш, хааделла хIуммаъ дац.
Вуьшта къайлаха шайн болх леринчу сервисаша хьалхехь дуьйна а беш бу, нахана иза гойтуш а боцуш. Террорхой тIаьхьарчу хенахь даима а бусалбачаьрца бузуш хиларна, кху махкарчу бусалбачех аьлча, царна цхьанна а агIор Iедале хуьлуш Iаткъам бац.
Мелхо а, кху Британехь кхечу Европерчу мехкашкахь чул а чIогIох стабилалла а, нахана юккъера машар а ларбо Iедало“.
Кхин хьал ду Евробертан дукхахйолчу пачхьалкхашкахь. ТIаьхьарчу шерашкахь террорхошца къийсам латтон безаш хиларан бахьанца, жим-жима лахлуш ю могIарерчу бахархойн маршонаш.
Иштта, масала, дукхахан йоцуш Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало хаийтира юкъаралле, кесталгIа цу махкахь шайх препайд олуш долу, цхьанхьа а регистраци ян а ца езаш, эца ма эцна къамел дан лелон йиш йолу мобилан телефонийн сим-карташ дехка мегаш ду, аьлла.
Бахьана изза ду – террорхоша шаьш гучу ца довлийта, и препайд карташ лелош хилар.