ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

500 эзар бер ду Шемара тIом ловш


Шемахь ца йоьрзу конфликт бахьанехь голаьцначу гIаланашкахь тIаьххьарчу шарахь дехачу берийн терахь шозза совдаьлла, 500 эзаре кхаьчна. Берийн фондо (ЮНИСЕФ) бина и хаам. Ах миллион гергга бераш ду голаьцначу кIошташкахь гуманитаран гIоьнах хаьдда, аьлла ЮНИСЕФо.

Церан зерашца, оппозицино караерзийначу Алеппохь арахьарчу дуьненах хьоьгу 100 эзар ца кхоччуш бераш. ЮНИСЕФо билгалдоккху, тIеман хьелашкахь а бераш деша а, ловза а, оьшу медицинан гIо кхачо а хьакъ хилар цIенойн, школан, дарбан цIийнан лармашкахь аьлла. Берийн фондан информацица, гуобиллинчу цхьана Шемин кIоштахь шен лаамеца лелачара лаьттабухлахь берийн майда йина, масех цIенойн ларма вовшах а тоьхна.

Юккъерчу барамехь, 200 бер догIу цу майдана ловза. Кхечу цхьана кIоштахь лаьттабухахь йинчу школе деша лела 250 зудабер, аьлла яздо ЮНИСЕФО арахецначу артиклехь. Ши миллион бахархойн дахар чакхе йоцу тIеман Iаламатехь ду. Уьш бойу, царна чевнаш йо, кхераме ду царна школе лела а, ловза а. Юург а, молха а халла тоьа царна хене бовла, бохуш дIахьедо ЮНИСЕФан директоро Лейк Энтонис.

Шемахь тIом болийна 6 шо кхочуш, Лейка кхакхам бира конфликтан шина а агIоне тIом сацор доьхуш, дуьхьало йоцуш гуманитаран гIо кхачо массо а кIошта некъаш маьрша дитаре а кхойкхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG