ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу тIамехь дакъалацарна хан тоьхна нохчочунна


Нохчийчоь -- Хьалха-Мартанара кхелан гIишло, 2015
Нохчийчоь -- Хьалха-Мартанара кхелан гIишло, 2015

Кхо шо ах шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанарчу кхело Мусаев Асламбекана, цо террорхойн тобанехь Iедалан ницкъашна дуьхьал Шемарчу тIамехь дакъалацарна. Цу кхело и сацам бина дечкен-беттан 17-чу дийнахь.

Талламан тидарца, Мусаев Асламбек 2014-чу шарахь Туркойчоьнехула Шема а вахна, цигахь цхьана тIеман тобанах дIакхийтира. 2015-чу шарахь бIаьста иза Шемара ара а ваьлла, Туркойн махка вахара. Цигахь иза лецира 2015-чу шарахь цу мехкан къайлаха сервиша. ТIаьхьо, иза Туркойчоьнна чуьра Iедало араваьккхира.

Иза бехке веш хиллачу артикло бакъо ло 15 шо хан тоха. Цкъачунна бехкевинчо коммент ца йина шена йинчу кхелан хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG