ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусалба дин, къорIан аьшнаш дар шуьйра дийцаре до нохчашлахь


Соьлжа-ГIалара маьждиг
Соьлжа-ГIалара маьждиг

Муьлхха а керла юкъадаьлла хIума телпонан зIенехула дIасадаржорна тIера бу нохчий а.»ХIара гиний хьуна, иза-м тамаш бу хьуна гинехь» бохуш, шовкъе хабарш хазош, могIарерчу наха комаьршша дIасабоькъу шайна жима а маьIне а.хаза мел хетта хаамаш. Цу декъехь,зударий,божарий,жима-воккха бен-башхалла а йоцуш тахана вайнехан юкъараллехь алсам дийца даьккхинчех ду Петарбухерчу цхьана жимачу стага къурIан,бусалба дин,доцца аьлча, исламан динехь болчарна перза а,мехала а мел дерг аьшнаш а, сийсаз а деш, дIасадаржийна дастаме къамел. Цуьнан къамеле ладоьгIначу кегийрхойх дукхахболчара и къамел Iорадаьккхинарг луьра таIзар дан хьакъ волу Iеса стаг лору. Цара даггара са а туьйсу, иза мила ву а хиъна,цуьнан лорх а кхиъна, бусалба наха иза иймане валоре. Цуьнан къамеле ла ма доьггIанехь оьгIазло хьалха а яьлла,ишта дера къамел хазийра Теркйист кIоштерчу вахархочо Лечас.

Леча: «Шаьш цIена бусалба нах ду а бохуш,гIуллакх доцуш бусалбанаш хIаллакбеш,тIемаш беш меттигаш дукха ю. Интернет чохь а хир боцуш цкъа а кхето безаш берш ишта Iесалла яржораш бара. Бусалба нахах мунепикъаш бан гIертачарна дан догIур-кх таIзар.»

Петарбухерчу кIанта бусалба дин емалдеш динчу къамелах шена хетарг довзуьйтуш Лечас билгалдаьккхира цу кепара къамел цуьнга леррина дайтина хила мега бохург.

Леча: «Ойла йича цхьана агIор цо дин аьшнаш а до,къаьмнашна юкъахь хьагI-гамо а,мостагIалла а дебадо. Суна хетарехь иза Iедало араваьккхина стаг ву. Ца хилча иза дуьххьбала эфире воллушехь лаьцна хир вара. Соьга хаьттича иза Iедало тхов а бина ларвеш стаг ву. Ца хилча пачхьалкхан дегаюккъе охьа а хиъна, иза Iойтур а вацара».

Цхьаболчара бусалбан динах маьттаза дийцина Петарбухера жима стаг делан мостагI вина,вен кхачош оьгIазе къамелаш дахь а мелла а хенарчу, дахарехь зеделлачу,хIума дуста а,оза а хуучу бахархоша маггане а магош дац цунна ницкъбар. «Дерриге гуш а,хезаш а ву дуьне-Iалам Кхоьллинарг. Цо ша къастор ду цуьнца дерг, Деле дIа а велла ,тIе куьг дахьа а ца гIерташ,вита веза». Герггарчу барамехь ишта боху и санначара. Царех цхьаъ ву соьлжагIалахо Абазуев Хизар а.

Хизар: « Ша волччохь дIа Iад витчахьана ца волу иза? Шен хьекъал кхоччург ду-кх цо дуьйцург. Деле дIа а велла вита веза-кх. Бекхам Делехь бу.Цуьнан цуьрриг а шеко яц.»

Петарбухера жима стаг дала кхоьллина адам ду. Шена «чудиллинарг» ду цо дуьйцург. Чудиллинарг дика хиллехь цо дика а дуьйцур дара. Шегахь кIорге цахиларе терра тилла къамел ду цо дийриг. Иза а, цунах тера галваьлла кхиверг а кхето веза,тур-тапча а яьккхина,цунна таIзар дан ара а ца довлуш. Ишта хьажам болчех ву бусалба Асланбек. Иза тешна ву хаарш къовзийна хиларна а,хьекъалан кIорге цахиларна а дина оцу кIанта сел челакха къамел аьлла.

Асланбек: « Иза цахаарна,хьекъал цахиларна дина къамел ду. Ишта кIорге йоцчу бусалба наха а олу,олу ур-аттал, исламехь воцург,керста а,кхиверг а вен веза,ваккха веза. Элчано,Делера салам маршала хуьлда цунна, ца аьлла вен веза. Уьш белла бу,бийшина бу,самабаха боху. Иза кхетаве боху. Ахь диканиг чудиллича дика дуьйцур ма ду цо. Ненан шурица цунна чудоьллинарг вон ду,цундела дуьйцу цо маьттазниг. Вониг бен ца гина чохь. Деш ламаз ца гина цунна, сагIа доккхуш ,закат луш ца гина. Дела цIе йоккхуш суьлгIа хьовзош ца гина…»

Петарбухехь вехачу оьрсийн кIанта динчу юьхькIаме доцчу къамелах нахана хетарг хаа ахкаме вийлича тайнарг дара,берриш бохург санна

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG