ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхо Муцольгов Мохьмад бакъвина


ГIалгIайн бакъонашларъярхочунна Муцольгов Мохьмадна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх ца айдан сацам бина талламчаша. Низамхоша дина дIахьедарш теллинчул тIаьхьа, Муцольговн компьютерчохь ца карийна я террорхой бакъбеш тоьшаллаш я цхьа а берийн порнографин видео а. Бакъоларъярхочо лело гIуллакх, цо куьйгалла ден «Машр» юкъаралла а сийсазъян Iалашонца долийна дов бехк ца карош диси аьлла дIахьедина «Кавказан узел» агенталло хаттам бинчу бакъонашларъярхоша.

2015-чу шеран гурахь ГIалгIайчуьра ницкъаллин структурийн белхахой «Машр» организацин а, цуьнан куьйгалхочун Муцольгов Мохьмадан а хIусамашках а хьаьвсинера. Офисера белхан кехаташ а, компьютерш дIаяьхьнера. КIира даьллачул тIаьхьа Муцольгов Мохьмаде дIахаийтира, цуьнан компьютерчохь берийн порнографин суьрташ, террорхойн тобанех материалш карийна шайна аьлла.

«Мемориал» бакъоларъярхойн тобан куьйгалхочо Орлов Олега «Кавказан узел» агенталле дийцина, «и гIуллакх долийча дуьйнна оха бакъ ца дора Муцольговна бехкедуьллург, тхо тешна дара и дерриге а цунна тIехь кхоьллина хиларх. Иштта хила а хиллера!»

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG