ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iожаллин ловзаршца" къийсам болийна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу прокуратурано бахархошкара сиха орца кхачийтархьама мобилан телефонан лоьмар Iораьяьккхина официалехь. Оцу лоьмарца телефон тоха декхаре бина дай-наной, нагахь санна церан доьзалхо социалан машанерчу ловзаршка юкъаозийна меттиг нислахь.

Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тIедиллина дайшна-наношна хIора рожехь шайн берийн телефонаш кегор. Социалан машанашкахь тIаьххьарчу хенахь даьржинчу, кхиазхой шаьш шайна тIе куьйгаш дохьуьйтучу ловзарша сингаттаме балийна бахархой, цундела Iалашо лаьцна шаьш и бохам бухатоха некъаш леха, аьлла «Кавказан узел» агенталле прокуратуран векало.

ХIокху телефонтIе зIе хьовзор доьху Iедало, нагахь шайн шеконаш кхоллалахь: 8(8712) 22-44-97

XS
SM
MD
LG