Министрийн Кабинетан кхеташонехь премьер-министро Медведев Дмитрийс дIахьедина, Малхбузено Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш цо юхаяхаре гергарчу хенахь сатийса ца оьшу, аьлла. Мелхо а, санкцеша «дика хьал хIоттийна пачхьалкханна юьртбахам кхион», аьлла Медведевс, хаамбо ТАСС агенталло.
Хьалхо юьртбахаман министро Ткачев Александара а элира, керлачу хьелашкахь дика болхбан йолаелла йолу юьртбахаман система, санкцеш дIаяьхча, Малхбузерчу конкуренташца къовсуш эша тарло.
2014-чу шарахь тоьхна Оьрсийчоьнна санкцеш - Украинерчу тIамна юкъагIертарна а, ГIирмина аннекси ярна а.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...