Патриотикаллехь кхетош-кхиоран принципаш билгалйохучу низаман проект кечъеш ю Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума. Кхерамзаллин а, коррупцина духьалояран а комитет ю иза кечйинарг, хаамбина оцу декъан куьйгалхочо Выборный Анатолийс оршотдийнахь.
«Оьрсийчоьнан массо а мехкашкахь цхьаъ хила беза адамах патриот вен некъ», аьлла парламентарийc. Цо бахарехь, проекто къастайо патриотикалла хьехаран кепаш дешаран а, культуран а, тIеман а министраллашна.