ТIекхочийла долу линкаш

Яздархо Ерофеев: Тарло Кадыровх Оьрсийчоьнан президент хила а


Viktor Erofeev interview teaser

Нохчийчоьнан лидеран Кадыров Рамзанан лаккхара мах хадабо бахархоша, оцо тоьлла перспектива ло цунна кеста хир болчу Оьрсийчоьнан президентан харжамашка шен кандидатура йилла.

Ишта ойла хазийна "Эхо Москвы" радиона интервью луш вевзаш волчу яздархочо Ерофеев Виктора.

«Кхеташ долчу шен къомаца доьзначу бахьанашца Кадыровна Сталин везаш вацахь а, и ший а цхьана тIегIанера стаг ву. Вайн халкъо Сталин везаш вазво, цецвала дац цундела цунна Кадыров везар а», аьлла яздархочо.

Нохчийн лидеро Малхбузе емалъеш пропаганда яржайо, цунна ца еза либерализм, «иза дерриг а ду вайн халкъана товриг». ...Хьекъале а, ямарт а стаг ву иза, цуьнгахьа бу вуно дукха могIара бахархой, цунна дуьхьалъюьйлучу элиташлахьчул а дукха», ...«кхача мега хьал Оьрсийчохь президенталле гIертачу кандидаташлахь Кадыров чемпион волуче а», боху Ерофеев Викторна.

XS
SM
MD
LG