ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чуьйрашца инфекци хилла берашна кхерам бац кхи дIа


Ноьвран кIоштарчу берийн бешара а, школера чуьйрашка лазарш хьаьвзина, 12 бер далийнера пIераскандийнахь дарбан цIийне. Лоьраша чIагIдарехь, чуьйрашца инфекци хилла царна. Бахьанаш зуьйш ю Талламан комитет.

12 берах пхиъ «Родничок» олучу берийн бешара ду, ворхI юккъерачу школера дешархой бу. Оцу дешаран хьукматашкахь юург лелочу блокашкахь талламаш бина, молучу хинан анализаш яьхна, экспертизе хьажийна.

Лоьраша даредарца, берийн могашаллина цхьа а кхерам бац. Могашалла теллина, шайга далург динчул тIаьхьа цIахь кхи дIа дарба лелор тIехьдитина дайшна-наношна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG