ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахмеднабиевн премин лауреаташ бовзуьйтур бу еарийдийнахь


Дахначу шеран Дагестанан журналистан Ахмеднабиевн Ахмеднабин цIарах премин лауреаташ бовзуьйтур бу "Кавказан узел" агенталло. Кавказах лаьцна яздечу журнаисташлахь хIора шарахь дIахьош бу и къовсам. Кху шарахь 15 журналистна совгIат дан лаам бу конкурс вовшахтоьхначийн.

2014-чу шарахь юкъадаьккхина Ахмеднабиевн цIарах преми. Дуьххьара оцу кокурсехь толам баьккхира "Новая газетан" журналисто Милашина Еленас. Лурчаха совгIатан да хилира оццу газетан коьртачу редакторан гIовс Соколов Сергей.

Кху шарахь регионерчу журнаалисташа 30 материал ю конкурсан жюрин кхеле елла. Хьалхара кхо меттиг екъна 5 декъашхочо. Бисинчарна совгIаташ дийр ду дипломашца жигара дакъалацарна аьлла. ТIедогIучу еарийдийнахь цIерашца бовзуьйтур бу тоьлла журналисташ.

Кхо шо хьалха Дагестанехь Семендер эвлахь тапча тоьхна вийра "Кавказан узел" агенталлан журналист Ахмеднабиев Ахмеднаби.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG