ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мексикахоша йиттина интернетехь шайна луьш волчу оьрсийчун


Инцидент хилла Мексикерчу Канкун курортан гIалахь.
Инцидент хилла Мексикерчу Канкун курортан гIалахь.

Мексикерчу Канкун курортан гIалахь полицино кIелхьараваьккхина оьгIазбаханчу наха етташ волу оьрсий.

Полицино бинчу хаамца, иза ву 42 шо долу Макеев Алексей. Стигалкъекъа-беттан 19-чу дийнахь динна тобано етташ хилла цунна, иза вехачу петарехь.

Макеев дIакхачийна дарбанан хIусаме. Цигахь иза ларвеш хилла полицин белхахоша.

Iедалша дийцарехь, меттигера бахархой сийсазбеш маьттаза къамелаш деш видеороликаш хIиттош хилла Макеевс социалан машанашкахь. Иза хIинца бехке веш ву валлал чIогIа шена дов эцна веанчу жимачу стага тохар.

Мексикан къоман миграцин сервисо дIахьедар дина Макеевна дуьхьал масийтта латкъам бина хилла хьалха, цо лелориг бахьана долуш аьлла. ХIинца и стаг Оьрсийчоьнан Iедалшка дехарш деш ву ша Мексикера араваккхахьара бохуш.

Стохка цу стагана депортаци ян аьтто баьлла цахилла, оьшуш долу кехаташ цахилар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG