ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба дин тIеэцна терорист ву аьлла лаьцначу курсанто кехат яздина Шойгуга


Можайскийн цIарахчу тIеман космосан академин 19 шо долу дешархо ву террорхо хила мега аьлла шеко йолуш ФСБ-но лаьцна латтош верг. Цунна бехке дуьллург ду герзаца шайн казарма дIалаца кечамбар. Иза хилла боху талламхоша цу жимачу стага бусалба дин тIеэцначул тIаьхьа.

Петарбухехь метрохь эккхийтар а, Нохчийчохь Росгвардин полкана тIелатар а динчул тIаьхьа курсанто схема йиллина хилла шен дагахь и бохамаш хиларан ледара меттигаш гучуяхар Iалашонца. Иза тIехь йолу кехат карийна академин хьехархочун. Цо ФСБ хаам бина цунах лаьцна.

Курсант реза ца хилла ФСБ-н белхахойн хаттаршна жоьпаш дала, шена дуьхьал теш ца хила бакъо лучу Конституцин 51-чу артиклна тIе а тевжина. Эххаре а курсантаца къамел динчу ФСБ-н белхахоша суьде велла Петарбухан гарнизонан тIеман суьдо лаьцна иза.

ХIинца курсанто дехар дина Оьрсийчоьнан тIеман министре Шойгу Сергейга, ша террорхо ву бохург а, Ислам дин ша тIеэцна бохург бакъ дац, шен гIуллакхе хьажахьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG