2011 шарахь дIабаьхьначу Пачхьалкхан думин харжамашкахь харцонаш лелла аьлла дина арз а теллина бинчу сацамца Европан кхело декхарейина Оьрсийчоь 38 эзар евро такха.
Арз а дина, кхелехь тоьлларш бу массех Петарбухара «Нийсонан Оьрсийчоь» ("Справедливая Россия") партера депутаташ а, хIетахьлерчу харжамийн тергамхой а.
Буьйцу харжамаш боьлхуш, харжамийн цхьайолчу каппашкахь харцо лелла аьлла латкъам бича, комиссино юха ца теллина бюллетенаш, оцо йохийна бакъо, боху Старсбурган сацамо.