ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДоттагIчунна ларамза топ тоьхна кIанта ТIехьа-Мартанахь


ТIехьа-Мартанарчу дарбан цIийне 16 шо кхаьчна жимастаг кхачийна, герз тоьхна чов а йолуш. Оцу хьокъехь таллам беш ю Нохчийчоьнан прокуратура, цуьнан пресс-гIоьнчалло бахарехь.

Ден топ ловзочу доттагIчо ларамза йина чов. Прокуратуро бечу хаамца, лоьрийн аьтто баьлла дархочун дахар кхерамах хьалхадаккха.

Iедал толлуш ду, мел кхочуш деш хилла тоьпан долахочо герз лелоран низам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG