ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амриевн бакъонаш йохийна яц аьлла Брянскерчу омбудсмено


Амриев Мурад поезд тIера охьа а ваьккхина полисхоша сацорца цуьнан баъконаш талхийна аьлла меттиг ца карийна Брянскерчу адамийн бакъонашкахула йолчу хьукматан куьйгалхочунна Тулупов Вячеславна. Къизаллашна дуьхьалояран комитето хьалхо шен официалан сайтехь хаам бинера, Суземка социйлехь ницкъахоша бакъонаш хьоьшуш, лаьцна вигина ММА-н латархо, дуьненаюкъара чемпион Амриев Мурад аьлла.

"Оха цу кIентан хьокъехь талламаш бина, цхьана а кепара низамашца доцург карийна дац. Совнах къамелаш ду зорбанехь тахана дуьйцурш" аьлла Тулуповс.

Цо бахарехь, Амриевна деллачу Оьрсийчоьнан паспортца гIалаташ карийна, вигина хилла полисхоша шайн декъе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG