ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школа дика чекхъяьккхинчунна - дешаран грант Кадыровгара


Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министралло Кадыров Рамзанан гранташца Оьрсийчоьнан институташка хьийсош бу кху муьрехь кегийрхой. Кху муьрехь 12 эзар беттан стипенди а, мехаза юкъар Iойла а луш, дешархой бу кечбеш дIахьовсо Липецкерчу педагогикан университете.

Кхушара 60 грант яла лерина ю министралла. Уьш кхочур ю школаш лаккхарчу жамIашца Юкъара Экзамен дIаелла чекхъяьхначарна.

XS
SM
MD
LG