ТIекхочийла долу линкаш

Историк Зубов: Путинан меттиг дIалаца гIерташ ву масийтта стаг, шайна юкъахь Кадыров а волуш


Зубов Андрей

Оьрсийчохь ирлуш бу президентан Путин Владимиран метта мила хIутту ву бохучун гонаха ФСБ-на а, Москох мэр волчу Собянин Сергейна а, Пачхьалкхан Думан спикерна Володин Вячеславна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна а юкъахь болу политикан къовсам аьлла, хета историкана, политологана Зубов Андрейна.

Цунах лаьцна хаам бо "Апостроф" ресурсо. Зубовна хетарехь, Путине ташам боккха бу махкахь, амма иза лахлуш бу хIора баттахь, Iедал цунах кхеташ ду, цундела юкъараллаца керла барт бан гIерташ а ду.

ХIора баттахь аьлча санна ирлуш боьдуш бу Iедалхошна юкъахь Путин дIаваьккхича шолгIачу меттехь хила луучу нахана юкъахь аьлла хета Зубовна.

XS
SM
MD
LG