Кху деношкахь Прагерчу аквапаркна критика йо интернетехь бахархоша, цо бусалба зударий тIехь буркини а йолуш лийца битарна.
Аквапарке баьхкинчара тIехь духар долчу бусалбанийн даьхна суьрташ даьржира социалан машанашкахь. Европехь беха уьш, бухарчу Iадаташца лела беза, яздо иттаннаша.
Бу интернетерчу критикашлахь бусалба зударшкахьа берш а: «Церан дино декхаребо уьш буркини лелон, иза вай кхето деза», яздина цхьамма, лайкашца къобалдина маситтаммо.
Критикашна жоп луш, аквапаркан куьйгалло боху, тхо долчохь кучамашца лийча дихкина ду, амма «тидаме эца догIу тIаьххьарчу шерашкахь девлла дуьйчучийн духарш — дегI къовлуш йолу буркини, … уьш а тIехь лийча мега. Иза дуьненан тренд ю. Клиенташа ца талхийна аквапаркан низам».