ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалин мэрах веддачо орца доьху бакъонашларъярхошка


Элбиев Лом-Iела
Элбиев Лом-Iела

Соьлжа-ГIалин администрацин гIишлочохь шахьаран мэро шена тIехь Iазап латторах а, шен доьзална кхерамаш тийсарх а дийцина нохчийн бизнесхочо Элбиев Лом-Iелас.

Элбиевс орца дехначу бакъонашларъяран "Мемориал" организаино шен сайта тIехь Iорабаьккхина и хаам.

"Теплоснабжение" компанин коьртехь Элбиев волчу заманчохь финансийн гIуллакхаш цо дийцаредеш хилла мэран гIовсаца (Хучиев Муслиман шичаца) Хучиев Асланца. Цо доцучу бахьанашца новкъарлонаш латтош хиларца цушиннан юкъахь даим а конфликташ хилла.

Дов гена даьлча, Элбиевс гIалин мэре арздина. Ткъа шина агIонан барт бечу метта Хучиевс 28 миллион къайладаьккхина ахь аьлла, бехке а веш, ахча тIехьарчийна Элбиевна. Цо тIе ца дитича, мэрин лармичохь ток йоьттуьйтуш, Iазап латтийна Элбиевна тIехь. Дан амал доцуш висинчу цуьнан дезна бехк тIелаца. Цул тIаьхьа шен доьзална кхерамаш тийса боьлча, дакъошкахь хьарчийна декхар дIатакха волавелла бизнесхо.

Эххар а бакъонашларъярхошка гIо дехна Элбиевс. "Мемориало" Талламан комитете кховдийна цуьнан хьокъехь гIуллакх, амма тахханалц долийна дац листа.

Карарчу хенахь шен доьзалца Европе дехьа ваьккхина Элбиев Лом-Iела. Нохчийчуьрчу Iедало цхьана а кепара оцу конфликтах делла жоп дац цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG