ТIекхочийла долу линкаш

Швейцарерчу Шаффхаузенехь зулам динарг ву меттигера вахархо


Швейцари, Шаффхаузен. 2017

Швейцарин полицино хаам бина Шаффхаузенехь моторан херх а карахь нахана тIелатар динарг 51 шо долу меттигера вахархо ву аьлла. Цуьнан цIе ю Врузис Франц.

Полицин векалша дийцарехь, и стаг масийттоза чувоьллина хилла.

Карарчу хенахь хууш дац и стаг мичахь ву. Иза лохуш дакъалоцуш ву 100 сов полисхо. Царна хетарехь, зуламхочуьнгахь херх боцург баккъалла а герз хила мега.

Товбеца-беттан 24-чохь Iуьйранна Шаффхаузенехь мила ву ца хуучу стага тIелатар дина урамехула дIасалелачу нахана. Лаххара 5 стаг госпитале кхачийна, цо чевнаш а йина.

Полицино хаам бина хилларг теракт яц аьлла.

XS
SM
MD
LG