ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь карийна Малгобекера вайна ши кIант


Масийтта де хьалха Малгобекера вайна ши кIант карийна аьлла, хаам бина меттигерчу МВД-н урхалло.

Полисхоша ле а вина дIавелла и шиъ гергарчаьрга. Ши кIант мичахь хилла а, цIера ваьлла хIунда хилла а дуьйцуш дац.

20 шо долу Тебоев Ильяс Вахаевич а, 19 шо долу Куртоев Хавж-Багаудин Магомед-Гиреевич араваьлла цIера кху беттан 19-чу дийнахь. Цаьршинна сагатдеш бара и хаам хезна дуккха а нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG