ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIон тIехь хаам бина, Воронежехь нохчийн йоIарий хьийзор хьокъехь телефонехула къамел дина ша цу мехкан губернаторца Гордеев Алексейца аьлла. Гордеев халахетта вара хилларг бахьана долуш, боху цо.

«Бехке болчара даре дина шаьш харц хилар а, иштта лела мегар цахилар а», - яздина Кадыровс. Цо дийцарехь, полисхой къинтIера бовлар доьхуш бу шаьш хьийзийначаьрга.

«Суна хаац, хIун дийр ду Абдулаев Руслана а, цуьнан йоIа а, кхин болчара а, амма иза дицдан вайна атта хир дац», - боху Кадыровс.

XS
SM
MD
LG