Президентан гранташ дIасайоькъучу координацин комитето "Буьйсанан берзалой" байкерийн юкъараллан конкурсан кхуьй а дехар дIатеттина, яздо "Коммерсанто". Гранташ йоьху ши дехар церан экспертизе а ца кхачийна ур-атталла.
Москохарчу оцу организацин тоьшаллаш ца тоьъна "Хьан Оьрсийчоь" проект а, кхечу пачхьалкхашкарчу бахархошна лерина 2, 6 миллион сом мах хIоттийна "Туристийн историн карта" а оьшуш хиларан чIагIо ян.
Иштта "Буьйсанан берзалоша" дехна 3,8 миллион сом, къаьмнийн юкъаметтигаш шоръеш, динашлахь марзо чIагIъеш фестивал дIаяхьа.
Комиссино тергал а ца дина байкерийн и дехар.