ТIекхочийла долу линкаш

ТIехьа-Мартанарчу ШаIмин-Юьртара 21 шо долу кIант кIелхьараваьккхина Къоьзан-Iома чу воьдучуьра Нохчийчуьрчу орцанхоша, хаамбо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Кхерамзаллан гураш ца лардеш, Iомайистера гена нека деш дIавахана и кIант, амма юхаван гIора ца тоьана. Хи чохь ветталучу цуьнах бIаьрг кхеттачу орцанхоша хинкеманца тIа а бахана, хичуьра хьалаваьккхина жимстаг.

Медицинан гIо оьшуш хьал ца хилла жимачу стагехь.

XS
SM
MD
LG