ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мосулера Оьрсийчуьрчу берех лаьцна видео гайтина Кадыровс


Мосул. Иракъ.
Мосул. Иракъ.

Инстаграмерчу шен агIонехь зорбане яьккхина Кадыров Рамзана ДАIИШ-ах дIакхеттачу Оьрсийчоьнан махкахойн берех лаьцна видео.

Кадыровс дийцарехь, иза яьккхина ю БагIдадерчу бобераш тIеоьцучу хIусамехь. И бераш, цо дийцарехь, Мосулера арадаьхна ду "Исламан пачхьалкх" (ДАIИШ) шех олучу тобанан декъашхой цигара арабевллачул тIаьхьа.

«И бераш оьрсийн мотт буьйцуш ду, царна ца хаьа шайн цIераш… Гергарчерах цхьанна довза мегара царах шайн бер», - яздина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG