ТIекхочийла долу линкаш

Теркйист кIоштан Ломаз-Юьртахь итт де хьалха газ а иккхина, вагийна виъ жима стаг, хIаваан кеманахь Оьрсийчохь уггаре а тоьлла ларалучу Новгород кIоштан дарбанан цIийне кхачийна. Гергарчара дийцарехь, церан догIмаш чIогIа дагийна хиларна лоьраша чIагIо ца йо уьш толур бу аьлла.

Вагийначу веаннах кхоъ бIаьрнегIар меттахдаьккхина а чохь са хиларан билгалонаш йоцуш ву, ткъа воьалгIаниг МисарбиевгIеран кIант и бохам нисбелчахьана а, гIийла садоьIуш хилар доцург кхетамчу веъна а вац. Цу хьокъехь даре до цуьнан нанас Iайшата. Цо а, кхечара а тоьшаллаш дарца, лазархошна оьшуш мел дерг Iедал агIор а, лоьрийн а агIор а хуьлуьйтуш ду.

XS
SM
MD
LG