ТIекхочийла долу линкаш

Associated press агенталлана интервью елла Дагестанера орамаш долчу Азербайджанера «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шайн карахь латточу Иракъан дозане яхначу зудчо.

"Азербайджанехь тхайн дин ца леладойтура тхоьга. НикIаб лело аьтто бацара, хIунда аьлча, массанхьа а къайлахчу сервисийн белхахой бара тIехьоьжуш", - аьлла Фейруза цIе йолчу дагестанхочо. Шен бакъйолу цIе яккха ца лиъна зудчунна.

"Тхуна дийцинера, Иракъехь Исламан динца лелаш бу бохуш, цундела дахара тхо цига. И бакъ а хиллера. Бусулбачийн санна дара тхан дахар, кеманаша бомбанаш етталц чIогIа ирсе а дара тхо", - дийцина Фейруза.

Иракъерчу Тель-Афар гIала дIаяхна Фейруза 2015-чу шеран юьххьехь шеца цхьана азербайджанхо Айбенис а йолуш.

Шиммо а чIагIонаш йо, ДаIишхоша къизаллаш лелорах шаьшинна хууш хIума дацара бохуш.

"Тхуна гина дац нах бойуш. Хилла дац и тайпаниг. КъурIано ма хьоьхху лелара уьш", -боху Айбениса.

Шина а зудчо бахарехь, байна бутт карабаллалц, Иракъан эскарша гIала ДаIишхойн тобанашкара схьайоккхуш операци йолаяллалц, оцу гIалахь баьхна уьш.

Курдийн карабахначу шайн цIийндайх хилларг а ца хаьа цушинна.

XS
SM
MD
LG