ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанехь а, Къилбаседа Кавказехь а тIемаш бинчу эскархшна Перман кIоштарчу Чусов гIалахь хIоттийна хIоллам бохийна муьлш бу цахуучу нах. Беллачийн цIераш тIехь йолчу экъана тIе тIулг биттина, иза кагъян гIерташ. И сурт гинчара полици хаамбина. Карарачу хенахь бехктакхаман гIуллакх а гIаттийна, зуламхой лоьхуш ю полици.

ОвхIанистанан тIамехь эгначу ворхIанна 1993-чу шархь боьгIнера хIоллам, цул тIаьхьа цунна уллохь Нохчийчуьрчу тIамтIехь веллачу 10 вахархочун сийнна тIулг боьгIнера, яздо «Звезда» газетано.

XS
SM
MD
LG