ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллана реформа ян лууш волу Iамеркан президент Трамп Доналд цхьаьнакхетар ву тахана, Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь, Нью-Йоркерчу цу организцин штаб-хIусамехь кху дуьнентIерчу лидершца. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллана дукхазза критика йина волчу Трампа шена хетарг дуьйцур ду цу организацин болх дикачу агIор хийцаран хьокъехь.

ШолгIачу дийнахь, Гезгмашин-беттан 19-чохь цо къамел дийр ду 193 декъашхочух лаьттачу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлин Ассамблейхь. Трампана гIортор ян дагахь ву Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлин секретар Гуттереш Антонио а, реформаш ярх лаьцначу декларацино тIе куьйгаш таIийна болу 120 пачхьалкхан куьйгалхой а.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллана уггаре дукха ахча луш йолу пачхьалкх ю Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ.

XS
SM
MD
LG