Нохчийчуьрчу экстремизмаца къийсам латточу Центро ницкъаллийн структурийн белхахошца цхьаьна дIахьочу барамашкахь лаьцна лидер а, цо вовшахтоьхначу зуламан тобан декъашхой а. Герз юхадухкуш хиларца гучубевлла уьш.
Тобан хьалханча волу Устрада-ГIалара 42 шо долу стаг лаьцна полисхоша герз а, цунна чудохку патарманаш а оьцучу хенахь. Цул тIаьхьа лаьцна кхи а виъ цуьнан декъахо. Шиъ ву оццу гIалин вахархо, цхьаъ Соьлжа-гIалара, 4-гIа ТIехьа-Мартанара схьаваьлла жимстаг в
Кху аьхка дуьйна шайн тергоне эцна хилла полисхоша и тоба. Цаьргара схьаяьхна 20 сигнал луш йолу тапчанаш, герз кхусуш тата цадолуьйту 27 гIирс, кеп-кепарчу тапчанийн 360 патарма а.
Иштта цхьахволчу каравеанчун хIусамехь герз ден цех а карийна.
Лаьцначу тобанехь кхи нах хиллий а зуьйш, талламаш бу дIахьош полисхоша.