ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ломаз-юьртахь газ эккхарна жоьпе озийна "Чеченгаз" белхахой


Ломаз-юьртахь цхьана хIусамехь газ эккхарна, бехктакхаман гIуллакх схьа а диллина, жоьпе озийна Теркйист кIоштарчу "Надтеречный" АО "Чеченгаз" урхаллан масийтта белхахо. Царах ву, масала, Ломаз-юьртахь газан биргIанашна терго еш слесар болх беш хилла Дудурханов Казбек а, коьрта инженер Курбанов Сулейман а, газ иккхинчу хIусаман долахо Шаипов Рамзан а.

Ломаз-юьртахь газ иккхина вагийна 4 жима стаг дIакхачийнера Лахарчу Новгородан гIалин дарбанан цIане. Цигахь тIаьхьий-хьалхий кхелхира МисарбиевгIерий, ШаиповгIерий, ВисархановгIерий кхо жима стаг. Дийна висина МакаевгIеран кIант, гергарчара дийцарехь, ша хIума кхалла а гIерташ, хаъал товелла вогIу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG