ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" аьлла керлачу кIан хIу долийна Iилманчаша


Краснодаран юьртбахаман Iилман-талламан институтан Iилманчаша «Ахмат» аьлла Кадыров Ахьмадан безамна керла гуьйренан кIа кхиина аьлла, хаамбина Нохчийчуьрчу юьртбахаман министро Дадаев Мусас Инстаграмерчу шен агIонтIехь. ТIедогIучу шарна лерина катоьхна дIадуьйш ду боху ялта.

"Махкана доккха ниIмат ду керла кIа Кадыров Ахьмадан васте дерзор, хIунда аьлча, цо шеца билгалдоккхур ду догIа, ло, дарц, йовхо хиларх къарлур доцу доьналла", - яздо министро Дадаев Мусас.

XS
SM
MD
LG