ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу яхархочо кхайкхам бина Кадыров Рамзане WhatsApp-хула, шен йоI Мамаева ПетIамат лохугш гIо дахьара аьлла. Цу зудчо дийцарехь, 28 шо долу цуьнан йоI дIайигина тIеман барзакъ доьхна хиллачу наха.

Мамаеван нанас чIагIдарехь, Нохчийчуьрчу прокуратурехь а, талламан комитетан урхаллехь а, ФСБ-н урхаллехь а тергал ца дина шен йоI лахахьара аьлла цо дина дехар.

Цу зудчуьнца къамел динчу Кавказ.Реаллино дийцарехь, Талламан комитетан белхахоша аьлла цуьнга, «йоI кестта цIайогIур ю» аьлла.

Мамаева ПетIамат Москох болх беш хилла. Дукха хан йоцуш шен 7 шо долчу кIантаца цIа еана хилла иза Нохчийчу. WhatsApp-ла кхайкхам баржийна цуьнан нана сатесна ю хIинца Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыровс шен йоI лохуш гIо дийр хиларга.

XS
SM
MD
LG