ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машенашлелорхошна дуьхаьл керла низам даьккхина некъан полицино


Берийн гIант-кресло чохь доцу автомобилаш гIудатоьхна ца Iаш, cхьайохуш ю Нохчийчохь. И керла низам юкъадаьккхина махкахь некъан полицин урхалле Кадыров Рамзанан йишин кIант Черхигов Идрис хIоттийчхьана.

Таксопаркийн векалшца шен хиллачу цхьанакхетарехь Черхиговс дийцина керла, луьра санкцеш дуьхьал йохург хиларх некъан низамаш ца лардечу машенашлелорхошна. Нохчийчохь карарчу шарахь 232 баккхий некъан бохамаш хиларца дузу низамаш чIагIдар некъан инспекторша. Церан статистикаца, оцу хьовзамашкахь 90 адам делла, шайлахь 10 бер а долуш. Некъан низамхошна хетарехь, гIуда а тухуш, машен дIаяккхаро бен тIеIаткъам бийр бац машенийн долахошна.

Адвокаташ дуьхьал бу оцу таIзарна. Цу кепара къепе йохорна кхачориг 3000 эзар сом гIуда ду. Машенаш дIаяхар совнаха ду аьлла цара «Кавказан узел» агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG